Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 21:25 - Делан Йозанаш

25 Оцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 21:25
7 Referencias Cruzadas  

Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дӀакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а.


Хьан малх цкъа а дӀабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду.


И де цхьаъ бен хир дац, Везачу Далла бен хууш доцу: я де, я буьйса хир яц. Суьйренан хенахь бен гучуер яц серло.


Цу Ярушалайм-гӀалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тӀе дӀаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цӀераш яра.


Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.


Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.


Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios