Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 21:23 - Делан Йозанаш

23 Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 21:23
25 Referencias Cruzadas  

Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.


Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.


И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху.


Бутт а цӀийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь болчу Цийон-лома тӀера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду.


Цул тӀаьхьа суна гира стигалара охьадогӀу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра.


Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»


Оцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.


массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.


Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш.


Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.


Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра.


Дела Теманера схьавогӀу, Везаниг а Паран-ломара схьавогӀу. Цуьнан возалло стигалш дӀахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу.


Суна хӀумма а ца гора, хӀунда аьлча къеггинчу серлоно бӀаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дӀавигира со.


Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».


Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.


Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.


тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача.


Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача.


Хьехашна чу а гӀой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а.


Безам а, тешаме хилар а вовшахкхетар ду, нийсоно а, маршоно а вовшашна барташ дохур ду.


Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхӀазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхӀ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дӀа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь.


ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.


ХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».


Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios