21 ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.
И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цӀеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагӀа доккхучу кхерчана а деши диллира.
Зудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара.
цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь. Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а, жовхӀаршца а кечйора хьо.
Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.
И пенаш яспис олучу дезачу тӀулгех дина дара. ГӀала ша а цӀеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара.
Иза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла.
Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалха̄ а, тӀехьа̄ а шорта бӀаьргаш дара церан.