Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 21:16 - Делан Йозанаш

16 И гӀала биъ са болуш дӀахӀоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гӀожаца цо и гӀала юьстира. Иза бӀозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 21:16
6 Referencias Cruzadas  

Цул тӀаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара меттиг уггар еза чоь ю».


Иштта Делан цӀийнан керташна гонах болу пен цо еа а агӀонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бӀе дол бара, иштта пхи бӀе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дӀакъастайора.


ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».


Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.


ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios