Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 21:12 - Делан Йозанаш

12 Цу Ярушалайм-гӀалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тӀе дӀаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цӀераш яра.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 21:12
21 Referencias Cruzadas  

Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.


Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цӀа дохийначуьра юхаметтахӀотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхӀуд-махкахь а тхо хӀинца маьршачу пенашна тӀехьа Ӏало.


Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Ӏаш болчу гӀаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цӀестан негӀарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а.


ТӀулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кӀентан цӀарах. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цӀе язйина хила еза.


хьан бӀаьвнаш рубинех йийр ю, кевнаш – къегачу жовхӀарех, ткъа дерриг а пенаш дезачу тӀулгех дуттур ду.


Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тӀехь, дохор а, хӀаллакдар а – хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КӀелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах – Хастам.


«Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла.


Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тӀевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу».


Эххар а сагӀадоьхург велла. Маликаша ИбрахӀимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дӀаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дӀавоьллина.


Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гӀуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь.


Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?


Царах кхо ков малхбалехьа агӀор дара, кхин кхоъ – къилбаседехьа, важа кхоъ – къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агӀор дара.


Цу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.


Оцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела.


Декъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios