Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 21:11 - Делан Йозанаш

11 Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 21:11
17 Referencias Cruzadas  

Я деши а, я цӀена ангали а цуьнца дусталур дац, я цӀеначу деших йолчу пхьегӀех а хийцалур дац.


Берриг а Цийон-лома тӀехула а, цунна тӀехь мел гулбинчу нахана тӀехула а Везачу Эло дийнахь кӀуьран марха а, буьйсанна сирла йогуш цӀе а латтор ю. Делан ерриге а сийлаллина тӀехь марханан кхалор хир ю.


Церан кортош тӀехула нартол санна йолу хӀума яра, ша санна цӀена исбаьхьа лепаш а йолуш.


Церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехула саппир олучу безачу тӀулгах йинчу Ӏаршах тера хӀума яра. Цу тӀехь адаман сибатехь волу цхьаъ Ӏаш волуш санна хетара.


Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш, хьо къизаллех а вуьзна, ахьа хьайх къинош а летийна. Ас хьо боьха хӀума санна, Везачу Элан лома тӀера чукхоьссина. Ас дӀалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юккъера дӀалаьллина Ас хьо.


ТӀаккха малхбалехьара схьайогӀуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хӀордан гӀовгӀа санна, чӀогӀа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера.


ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».


ТӀаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кӀуьрах дуьзира и Делан цӀа. Ткъа оцу ворхӀ малико беана ворхӀ бала дӀабаллалц, цхьанна а стеган цу цӀа чу ваха йиш яцара.


ТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда.


Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.


Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цӀе йолу деза тӀулгаш санна, можачу а, цӀечу а басахь лепара. Цуьнан гӀантана гонах, «изумруд» цӀе йолу тӀулг санна, лепаш стелаӀад дара.


Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара. Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалха̄ а, тӀехьа̄ а шорта бӀаьргаш дара церан.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios