Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 20:9 - Делан Йозанаш

9 Амма стигалара цӀе йоьссира, цу цӀеро мостагӀийн эскарш дӀакхаьллира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 20:9
33 Referencias Cruzadas  

Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гӀаланаш Седам а, Ӏамор а, стигалара цӀе а, саьнгал а чу а хецна.


Оцу Ӏуьйранна ЭлишаӀан ялхо хьалххе хьалагӀаьттира. Иза араваьлча, гӀалина гобаьккхина лаьтташ долу, юкъахь дой а, гӀудалкхаш а йолу эскар гира цунна. Цо ЭлишаӀе элира: «Ва, сан эла, вай хӀун дан деза те?»


Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна? Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.


Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.


Веза Эла, сан кӀелхьарваларан Дела! Хьоьга кхойкху со дийнахь а, Хьуна хьалха ву со буса а.


Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а, Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а. Лаьттан массо а маьӀӀера болчу нахана дӀагина вайн Дала Шен халкъ кӀелхьардаккхар.


Дукха хенахь дуьйна Тупат цӀе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цӀе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кӀорга а, шуьйра а ю. Цу цӀерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза.


ТӀаккха хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира.


Хьо Сан Исраилан халкъана тӀелата вогӀур ву, хьо лаьтта тӀехула дӀаяьржина йолу Ӏаьржа марха санна хир ву. И хан тӀекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тӀом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’.


Ас цунна таӀзар дийр ду уьнца а, цӀийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тӀе массо а хӀума къайладоккхуш долу догӀа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цӀе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тӀе.


Амма хьо царна тӀелетар ву, йочана я дерриге а латта къайладоккхуш йолу Ӏаьржа марха санна, тӀе а хьаьдда. Хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхин а дуккха а кхидолу къаьмнаш а кху лаьттана тӀелетар ду’.


Везачу Эло боху: ‹Ас МагӀогӀ-махкана тӀе а, хӀордан йистехь кхерам боцуш дехаш долчу адамашна тӀе а цӀе хьажор ю. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.


Царна хьалха̄хула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГӀалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дӀагӀур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву.


Ас хашадхой гӀовттор бу, къиза а, эргӀада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Ӏаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама.


Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгӀазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цӀе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цӀеро.


Везачу Элера цӀе йоьссира, цо дӀакхаьллира хаза хьожа йогӀучу сегӀазан сагӀа доккхуш волу ши бӀе шовзткъе итт стаг.


Амма ЛутӀа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догӀа санна, деанчу цӀеро а, саьмгало а дерриг а адам хӀаллакдира.


Цхьа денош догӀур ду, мостагӀаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агӀор хьо къовлуш.


«Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар.


И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хӀаллакбойтур бу и нах».


ХӀунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагӀий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цӀена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дӀа ца верзийтархьама».


Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Ӏийсах болу хаза кхаъ тӀе ца эцначарна а дӀадоькхур ду Цо.


Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тӀе а лоцуш.


Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цӀаро мостагӀий дӀакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хӀаллакван везаш ву.


Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тӀе цӀе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios