Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 20:6 - Делан Йозанаш

6 Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгӀачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 20:6
19 Referencias Cruzadas  

Цийонан гӀалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а – Ярушалайм-гӀалахь дахарна дӀакъастийначех массарех а – Дала базбинарш эр ду.


Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду, вайн Далла гӀуллакх деш берш аьлла, цӀе йоккхур ю. Халкъийн хьоло кхобур ду шу, церан дозаллех аш куралла йийр ю.


Декъала ву цхьа эзар кхо бӀе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгӀна, оцу хене кхочун верг.


И хӀума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!»


Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь.


Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хӀунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду.


Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дӀакъастахь, тӀаккха Иза а вайх дӀакъаьстар ву.


Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.


Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.


Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гӀуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тӀейогӀучу заманна. Амин.


ТӀаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДӀаязде: „ХӀинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гӀуллакхех садоӀур ду цара. Церан гӀуллакхаш а царна тӀаьххье дӀагӀур ду».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».


Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.)


Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».


Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.


«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»


Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа.


Динан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа, цаьрга Хьайна гӀуллакх дайтархьама. Ткъа цара кху Лаьтта тӀехь паччахьалла дийр ду».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios