5 (Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза.
Хьо декъала хир ву, хӀунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза».
Сан къомах берш дӀатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тӀаккха сан къомах берш тӀеэцар кхин хӀун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?!
Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса.
ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу.
Ткъа кхо дей, ах дей дӀадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Ӏаь юьйлира. ТӀаккха и шиъ шайн когаш тӀе хьалахӀоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чӀогӀа кхерабелира.
ВорхӀалгӀачу малико а Шен карара турба лекхира. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тӀера пачхьалкх хӀинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тӀейогӀучу заманна паччахьалла дийр ду».