Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 20:3 - Делан Йозанаш

3 Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 20:3
17 Referencias Cruzadas  

Шен тӀемашца дӀахьулвина, Цо Ӏалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а.


ТӀаккха, тӀулг а беана, оран бертиг дӀакъевлира. Ткъа паччахьо иза шен а, шен уллорчу куьйгалхойн а мухӀарш тохарца дӀакъевлира, цхьана а стеган Даниалх бина болу сацам хийца йиш ца хилийтархьама.


хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама.


Цара, дӀа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чӀагӀйина хиларан билгало а йина, цигахь гӀарол дӀахӀоттийра.


Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хӀух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догӀий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дӀахьо.


Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла.


Амма со кхоьру, шен хӀилланца лаьхьано Ӏехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцӀена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла.


Цхьа хӀума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду.


И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.


ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар.


Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара».


Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хӀинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Ӏин чуьра хьала а даьлла, шен хӀаллакьхиларна тӀедогӀур ду. ТӀаккха, хӀара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХӀунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тӀаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогӀур ду.


Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios