Довзийтинарг 20:12 - Делан Йозанаш12 ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна. Ver Capítulo |
Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»
Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хӀинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Ӏин чуьра хьала а даьлла, шен хӀаллакьхиларна тӀедогӀур ду. ТӀаккха, хӀара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХӀунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тӀаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогӀур ду.