11 Цул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.
Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»
Цо латта меттах а доккху, цуьнан баххаш дега а до.
доккхачу хӀордкеманашна дуьхьал малхбалера хьаькхначу дарцо санна.
ХӀора Ӏуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо, тӀаккха кху лаьтта тӀехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо.
Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина, Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.
Ӏузи-ЯхӀу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цӀа хьаладуьзнера.
ТӀаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цӀаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цӀу вохийна болчу тӀулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш.
И летта йогу цӀе Цуьнан хьалха̄хула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гӀуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТӀаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дӀаделладелира.
Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул.
Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
«Ткъа Адамийн КӀант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гӀанта тӀе.
Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.
Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хӀинцалера стигалш а, латта а даго Ӏалашдеш ду, къематан а, Ӏеса нах хӀаллакбен а де тӀекхаччалц.
Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна.
ХӀора гӀайре а дӀаелира, ткъа лаьмнех кхин хӀумма а ца дисира.
Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо.
Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.
Керла стигал а, керла латта а гира суна, хӀунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хӀинца дӀадаьллера. ХӀорд а кхин бацара.
Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».
Цу сохьта суна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Ӏарш, шена тӀехь охьахиъна Верг а волуш.
Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дӀа а хьаьрчина, дӀахьулъелира. ХӀора лам а, гӀайре а меттахъяьккхира.