Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 2:8 - Делан Йозанаш

8 Симран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хӀинца дийна волчу хьалхара а, тӀаьххьара а Волчо:

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 2:8
8 Referencias Cruzadas  

Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргӀатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац.


Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье, Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу! Со – волуш волу Дела ву, Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тӀехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла.


Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».


«Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».


«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо:


Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios