Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 2:6 - Делан Йозанаш

6 Делахь а цхьа дика хӀума ду шун: никласхойн гӀуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 2:6
7 Referencias Cruzadas  

Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кӀант ЯхӀу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Ӏесачу нахана гӀо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгӀазло йина хьуна.


Соьга вон деанчу дийнахь Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа, со Хьайга кхойкхучу дийнахь суна сихонца жоп лохьа.


Со холчу хӀоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кӀел дӀахьулвийр ма ву со. Ша Ӏачу метте дӀалачкъор ма ву со, Цо тарха тӀе а воккхур ма ву со.


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios