Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 2:26 - Делан Йозанаш

26-28 Толам а боккхуш, Сан гӀуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тӀехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гӀожаца царна тӀехь олалла дийр ду, кхийра пхьегӀаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Ӏуьйренан седа.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 2:26
32 Referencias Cruzadas  

Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.


Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна».


Ахьа Далла сагӀина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де.


Цул тӀаьхьа Веза Воккхачу Делан нехан карадоьрзур ду паччахьалла. Цара абаделлалц олалла а дийр ду“.


Хенара Къано схьаваллалц. ТӀаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дӀаделира Шен нехан кара. Цул тӀаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тӀееара.


Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кӀел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дӀалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Ӏибадат деш а, муьтӀахь а хир бу“.


Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.


Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду.


Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.


Ӏийсас жоп делира царна: «Далла лерина гӀуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар».


Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.


ХӀетте а, и дерриг а гӀуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту.


Цундела, шун Ӏийсах тешаран гӀуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера.


Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.


Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гӀуллакхашца доцу тешар эрна дуйла?


И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хӀинца вайна юкъара дӀабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогӀуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дӀабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогӀуш ца хилар.


Ткъа Делан весет ду: Цуьнан КӀант волчу, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах а тешаш, Цо вайна тӀе-ма-диллара, вайна вовшийн дезар.


Ӏийса Делан КӀант ву аьлла, тешаш волчо бен кхин хьан боккхур бара кху дуьненна тӀехь толам?


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».


Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.


Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кӀант а хир ву.


Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.


Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.


Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа.


Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios