Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 2:23 - Делан Йозанаш

23 Цуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 2:23
39 Referencias Cruzadas  

Кхин хӀун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай!


Ткъа хьуна, сан кӀант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гӀуллакх де, хӀунда аьлча Везачу Элана хаьа хӀораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дӀаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дӀатосур ву хьо.


Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цӀена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цӀеначу даггара сагӀина деана. Ткъа хӀинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагӀа дар го суна.


доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалахь, церан доӀа дӀа а хазий, царна геч а дехьа, гӀо а дехьа. ХӀора стагана а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалохьа, хӀунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш.


Дала цаьрга кхерам ца хиларе сатийсийтахь а, Цуьнан бӀаьргаш церан некъашка хьажийна бу.


Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.


Нагахь санна зуламе берш суна тӀегӀортахь, со дӀакхаллархьама, сан мостагӀий тӀелатахь, уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу.


Ткъа паччахь а воккхавийр ву Дала шена деллачух. Хастамах вузур ву хӀора Делах дуй буург а, хӀунда аьлча мотт сецна буьсур бу харц мел луьйраш а.


Везачу Эло йо халкъашна тӀехь кхел. Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел. Сан дог а цӀена ма ду.


Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хӀунда аьлча сан гӀуллакх Аса Хьан кара дӀаделла.


Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггӀург дӀадалархьама».


Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гӀуллакх аса Хьан кара дӀаделла дела.


Делха, гӀалин базарш хӀуттучу декъан дахархой, хӀунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хӀаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хӀаллакьхир бу.


Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.


Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гӀерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета.


КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа.


Ӏийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза».


Векалша доӀа дира: «Веза Эла! Хьуна хӀораннан а дог девза, гайтахьа тхуна


Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.


Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тӀера Делан лаамца Цо доьху дела.


ХӀунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дӀахӀитта дезаш ду. Вайх хӀораммо а ваьш кху дегӀа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггӀург схьаоьцур ду.


ХӀора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла.


Иза дӀа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТӀаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.


Иза дерриге а халкъана дӀахезар ду. Нах кхералур бу, уьш кхидӀа кӀоршаме лелар бац».


Иза кхечарна дӀахезар ду, тӀаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац.


Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».


Чохь са долу хӀума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бӀаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.


Нагахь хӀораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха.


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».


ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.


ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.


Ӏийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама.


Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.


Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios