Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 2:17 - Делан Йозанаш

17 Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 2:17
24 Referencias Cruzadas  

Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна – хьан сийлалла. Хьуна керла цӀе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цӀе.


Аш йитина хир йолу цӀе неӀалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хӀаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цӀе туьллур ю Цо.


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».


Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора.


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».


ХӀунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дӀахьулдина ду.


Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела.


Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла.


Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Ӏийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду,


хӀунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцӀена болчийн.


Д ералла а йиталахь, оьгӀаз а ма эхалахь. Хьайх зулам даллийтал хьагӀ йолуш ма хилалахь.


Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хӀун ю а ца хууш йолу яа хӀума ю Соьгахь».


Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьӀначарна


Адамна шена бен ца бевза шен даг чуьра бала, иштта цуьнан синкъераме хиларан бахьана а кхечунна хуур дац.


Мусас АхӀароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Ӏовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хӀоттае, вайн тӀаьхьенашна юьсур ю иза».


Сайн цӀа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дӀахӀоттор ю Аса, ткъа нехан кӀентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цӀе лур ю Ас царна».


Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios