16 Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах.
Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гӀело хьоьгучеран гӀуллакх догцӀеналлица къастор ду цо. ГӀаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Ӏаьнарца цо Ӏесанаш бойур бу.
Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ӀиндагӀехь Со Ӏалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Ӏад-батта чохь Со лар а вина.
КӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду.
ТӀаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Ӏийсас Шен багарчу Ӏаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хӀаллак а вийр ву.
Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.
Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.
Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Ткъа бисина болу кхиберш дин тӀе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.
«Паргам-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агӀор ира долу тур Долчо:
Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гӀуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дӀа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар.
Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса!
«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»
Сайна везарг, метта а валош, таӀзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тӀедерза!