Довзийтинарг 2:14 - Делан Йозанаш14 Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хӀума ду Сан. БалиӀаман хьехамаш тӀелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гӀуллакхаш леладайта Ӏамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цӀушна сагӀина лерина еана хӀума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хӀума леладойтура исраилхошка. Ver Capítulo |
Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду.