Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 2:13 - Делан Йозанаш

13 „Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 2:13
27 Referencias Cruzadas  

Цхьана гӀалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гӀала дӀагӀо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гӀаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КӀант вуссур ву».


Шу Ӏазапанний, Ӏожаллиний кара дӀалур ду. Сан цӀе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу.


Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»


Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу.


Хьан теш хиллачу Тапин цӀий Ӏеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гӀуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“.


Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу».


Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш.


Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цӀерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Ӏесачу стагал а оьшуш ву.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цӀеначу хьехамех масал а дай, Ӏелахь.


Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дӀакъастахь, тӀаккха Иза а вайх дӀакъаьстар ву.


Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву.


Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.


Шуна елла сийлахь цӀе сийсазъеш бац уьш?


билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,


Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».


Вайн динан вежарша Ӏахаран цӀийца а, шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна. Шаьш делла дӀадовллалц шайн са а ца кхоийна цара.


И суна гина долу экха цӀокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна.


Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Ӏийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу.


Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».


ТӀаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Ӏийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цӀийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чӀогӀа инзарваьллера.


„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна.


Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта.


Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios