8 Цо цӀена а, лепаш долчу а дуткъачу кӀадинан коч тӀеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кӀади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гӀуллакхаш бохург ду.)
О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш.
Хаза хьожа йогӀучу хӀуманан метта боьха хьожа йогӀу хӀума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта – кӀунзал, синкъераман бедаран метта – сингаттаман духар, хазаллин метта хӀост хир ду.
Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кӀелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тӀе, Цо нийсонан оба суна тӀе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тӀе тиллича санна а, нускало жовхӀаршца ша хазъян санна а.
Ас хьуна тӀе хаза тӀамарш йолу коч юьйхира, тӀаьрсиган кӀархаш а буьйхира, дуткъачу кӀадин йовлакх коьрта тӀе а тиллира, чилланан тӀекхуллург а елира.
Чоьхьарчу кертан кевнна чу баьхкича, цара шайна тӀе дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш юхур ю, ткъа чоьхьарчу кертан кевнна уллохь а, иштта Делан цӀа чохь а гӀуллакх дечу хенахь царна тӀехь тӀергӀан хӀума хила йиш яц.
Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра.
Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХӀей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла.
Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана.
Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг.
Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира.
Иштта долу гӀуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц,
Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цӀе а хьан язйийр яцара? ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина, Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду. ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш тхуна гучу ма девлла».
Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.
Цунна тӀаьхьахӀиттина догӀуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кӀайчу дойшна тӀехь бара, ткъа царна тӀехь яра цӀеначу дуткъачу лепаш долчу кӀадих йина бедарш.
Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама!