Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 19:7 - Делан Йозанаш

7 Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХӀунда аьлча Ӏахаро зуда яло хан тӀекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 19:7
29 Referencias Cruzadas  

ХӀоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тӀаьхьенна буьту.


Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа, со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа. Ӏожаллин кевнера со хьалаваккхахьа,


Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Ӏесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу.


Дуьлол, Цийонера мехкарий, хьовсал таж тиллинчу Сулим-паччахье! Паччахьо зуда ялочу дийнахь, цуьнан дагна хазахетар хуьлучу дийнахь, шен нанас иза кечвина таж ду иза!


ГӀаттахьа Цийон, гӀаттахьа! Ницкъ хьайна тӀебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гӀала, хьайн исбаьхьа бедарш тӀеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогӀур вац хьуна чу.


Жимачу стага йоӀстаг ма-яллора, хьан кӀенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву.


Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша, иза езаш долу шу массо а! Даккхийдейша цуьнца хӀинца шу массо а, цунах доьлхуш хилларш!


Шуна гур ду иза, тӀаккха шун дегнаш даккхийдеш хир ду. Заза даьккхина къона дитташ санна хир ду шу. Везачу Элан куьйгана Шен ялхой бевзар бу, амма Шен мостагӀашна оьгӀазгӀур ву Иза».


Везачу Эло боху: «ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ! хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!


Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кӀант Юсуп, Марем хьайна дӀайига ма кхера, хӀунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду.


«Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кӀантана зуда ялош той кечдина.


зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хӀусамда цӀа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХӀусамдас, цӀа а веана, неӀ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дӀаелла кийчча хир бу уьш.


Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла.


Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна.


ХӀунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегӀ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КӀелхьарйоккхург ма ву Иза.


Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду.


Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тӀера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагӀашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дӀадохур ду!»


ХӀунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гӀуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Ӏаш а дац.


Цу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.


Малико соьга элира: «ДӀаязде: „Декъала бу Ӏахаро зуда ялорна дӀахӀоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХӀорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду».


ТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза.


ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна».


Ша доӀа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кӀелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагӀех йоьлу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios