Довзийтинарг 19:6 - Делан Йозанаш6 Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла. Ver Capítulo |
ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана! ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.