Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 19:4 - Делан Йозанаш

4 ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 19:4
20 Referencias Cruzadas  

Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!»


Сайн некха тӀе уллу тӀоьрмаг охьа а бегийна, аса элира: «Иштта Дала а охьавегавойла Шена уллора а, Шен цӀен тӀера а массо а ша делла долу дош лардеш воцу стаг. Иштта охьавегийна а, ваьсса а хуьлийла и стаг!» Цигахь гулбеллачара массара а «Амин!» элира, Везачу Элана хастамаш а бира. Ткъа куьйгалхоша шайн дош кхочуш а дира.


Ӏезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тӀаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Везачу Элана Ӏибадат дора цара.


Церан лаьтта тӀера ерриг буц а, кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.


Ма сиха хӀаллакьхуьлу уьш, къемат тӀедарца чекхбовлу уьш.


Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цӀийнан хӀуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хӀокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цӀарах аьлла долу дешнаш!


Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».


Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара.


ХӀунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хӀун ду ца хиъча, хӀокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»?


Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.


Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.


ШозлагӀа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тӀейогӀучу заманна а хир бу цу гӀалина тӀехула хьалатуьйсуш кӀур».


Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.


Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios