Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 19:3 - Делан Йозанаш

3 ШозлагӀа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тӀейогӀучу заманна а хир бу цу гӀалина тӀехула хьалатуьйсуш кӀур».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 19:3
9 Referencias Cruzadas  

Лаха, тогӀи чу, хьаьжначу ИбрахӀимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кӀур гира.


Церан лаьтта тӀера ерриг буц а, кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.


Дийнахь а, буса а дӀа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кӀур хир бу цунна тӀера хьалаоьхуш. Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенехь дӀатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гӀур вац цунна тӀехула дӀа.


Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Ӏамор а, царна гонахара гӀаланаш а. Маьттаза хӀуманаш лелийна йолу а, боьха гӀуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цӀеран таӀзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.


Уьш хьийзош йолчу цӀеран кӀур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Ӏибадат а деш, цуьнан цӀеран мухӀар тӀеэцначийн».


Цара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!»


ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.


Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.


ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios