Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 19:16 - Делан Йозанаш

16 Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 19:16
13 Referencias Cruzadas  

Тхо йийсаре дигинчара тхоьга эшарш лакха бохура, тхуна ницкъ бечара шайн самукъадаккха бохура: «Лакхал тхуна Цийонера эшарех цхьаъ!»


Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?»


Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хӀунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела».


Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.


Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо.


Ӏийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тӀекхаьчча гойтур ду Дала – декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза.


билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,


Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».


Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios