Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 19:1 - Делан Йозанаш

1 Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 19:1
23 Referencias Cruzadas  

Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хӀуманан Коьртаниг.


Церан лаьтта тӀера ерриг буц а, кхаш тӀехь кхиъна мел долу ялта а дӀадиира цара.


Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!


Везачу Элана бу хастам! А лсам декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг, баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.


Везачу Элана бу хастам! ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар! ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор!


Хастам бу Везачу Элана! Хаставейша Веза Эла стигалшкара, хаставейша Иза стигалан лакхенашкара.


Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь.


Хастам бу Везачу Элана! Хастамаш бе Шен дезачу цӀа чохь волчу Далла, хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна.


ГӀаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.


Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу. ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.


Цул тӀаьхьа стигал а, латта а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хӀунда аьлча къилбаседехьара хӀаллакдо эскарш тӀелетар ду, – боху Везачу Эло.


Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.


Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара.


ВорхӀалгӀачу малико а Шен карара турба лекхира. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тӀера пачхьалкх хӀинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тӀейогӀучу заманна паччахьалла дийр ду».


ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана! ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.


Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios