Довзийтинарг 18:9 - Делан Йозанаш9 ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу. Ver Capítulo |
Далла уллора долчу гӀарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хӀоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тӀехь олалла далар а’.
Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тӀехь долу, цӀе яьлла аре хилла дӀахӀуттур ду. Цунна тӀехь ялта дӀадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тӀехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чӀогӀачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Ӏамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гӀаланашна хилларг санна.