Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 18:8 - Делан Йозанаш

8 Цундела цхьана дийнахь богӀур бу цунна тӀе цуьнан баланаш: ялар а, гӀайгӀане хилар а, мацалла а. И гӀала цӀергахь йогур ю, хӀунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 18:8
18 Referencias Cruzadas  

Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву. Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“


Нуьцкъалчу таррашца эшийна уьш хир бу. ЧангӀалкхийн ижу хилла, уьш дӀахӀуьттур ма бу.


Цу дийнахь Везачу Эло Шен чӀогӀачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таӀзар дийр ду Левиятан цӀе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХӀордан и саьрмик буьйр бу Цо.


Везачу Эло Исраилан халкъан корта а, цӀога а дӀахадор ду, хурма-диттан га а, эрз а цхьана дийнахь дӀабоккхур бу.


«Хьо чӀогӀа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТӀекхаьчна хьуна таӀзар дан деза хан.


Амма уьш ПаргӀатбохург чӀогӀа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гӀуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гӀайгӀа а кхуллуш».


Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тӀе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цӀерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цӀеро багийна хир бу».


Довдий, дӀагӀо Бавелера, хӀораммо а шайн синош кӀелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хӀаллак ца хила. ХӀара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггӀург дӀало зама а ю.


Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде?


Вай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай?


Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, Хьуна бу хастам, волуш волу а, хилла волу а Веза Эла, Ахьа, Хьайн доккха олалла тӀе а лаьцна, паччахьалла дан доладарна.


Хьуна гиначу итте а маӀана а, экханна а бӀаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегӀ а дуур ду, и цӀергахь ягор а ю.


Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тӀехь олалла деш йолу йоккха гӀала ю».


Цхьана сахьтехь хӀаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хӀордкеманаш долахь берш а, хӀордкеманашна тӀехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хӀордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дӀахӀиттира.


ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».


ШозлагӀа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тӀейогӀучу заманна а хир бу цу гӀалина тӀехула хьалатуьйсуш кӀур».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios