Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 18:7 - Делан Йозанаш

7 Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Ӏийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гӀайгӀанехь а хилийта иза. ХӀунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Ӏаш ю. Со йисина Ӏаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гӀайгӀане!“

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 18:7
16 Referencias Cruzadas  

Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀинццехь говр а, бедарш а схьа а эций, айхьа ма-аллара, паччахьан кевнехь гӀуллакх деш волчу жуьгтичунна Мардахайна де и хӀума. Айхьа аьллачунна тӀера цхьа а хӀума дӀа ма даккхалахь».


Ӏесачарна тӀе догуш долу кӀегий а, саьмгал а, догӀа санна, охьаӀанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.


Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга, лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гӀуллакхашка.


Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гӀанташна тӀера охьабисса, хӀунда аьлча церан кортошна тӀера сийлаллин таьжнаш охьаэгна.


А дам мацах дукха хилла йолу гӀала, цхьа а стаг воцуш санна йисина-кх и гӀала. Лаьтташ ю иза йисна Ӏачу зудчух таръелла. Халкъашна юкъахь сийлахь йолуш лелла и гӀала. Мехкашна тӀехь а эла хилла лаьттина и гӀала. Ясакх луш ерг санна хилла дӀахӀоьтти-кх и гӀала.


И кад ахьа дӀамер бу берриг а, ткъа иза кагбелча, цуьнан аьхкашна тӀе мотт хьоькхур бу ахьа, хьайн накхош а схьадохур ду ахьа. И иштта хир ду, иза Ас, Хьалдолчу Эло, аьлла дела».


Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“


Иштта хилла дӀахӀуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гӀайгӀа йоцуш яьхна йолу и гӀала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хӀума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тӀех мел волучо: «Жолам-яӀ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.


Ткъа къона болуш бисина Ӏаш болу зударий ма харжа, хӀунда аьлча шайн дегӀан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло.


ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».


ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios