5 Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.
Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цӀе Ӏудад яра. Шамран-гӀала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгӀазвахханчохь яхӀудхой шун кара дӀабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна.
Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дӀа ца хьажало, хӀунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла.
«Тхо иза тобан гӀиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хӀора а вайн махка дӀагӀур ду вай, хӀунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тӀе хьалаяллал ю».
«Хьала а гӀаттий, йоккхачу Нунав-гӀала гӀо! Цигахь лелачу зуламечу гӀуллакхех лаьцна хаам кхаьчна сан лерге. Нунав-гӀалара бахархошна дуьхьал болу хьехамаш бе».
Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга.