Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 18:4 - Делан Йозанаш

4 ТӀаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гӀали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 18:4
16 Referencias Cruzadas  

Ара а ваьлла, шен йоӀаршна тӀехьийзачу кӀенташна тӀевахара ЛутӀа. «Сиха кху гӀалара дӀагӀо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хӀара». Амма царна моьттура ЛутӀас забар йо.


Ас сагӀа доккхур дара Хьуна, амма Хьуна ца деза иза. Хьайна лерина дийнаташ дагорна а Хьо реза вац.


Бавелера арадовла, хашадхойх дӀадовда! Хазахетаран маьхьаршца дӀакхайкхаде иза, массо меттехула дӀасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргӀатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тӀаьхье!» – алий.


ДӀадуьло, дӀадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дӀа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цӀанде, Везачу Элан пхьегӀаш лелош дерш!


ДӀагӀо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дӀахӀотта.


Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХӀораммо а шен са кӀелхьардаккха Везачу Элан чӀогӀачу оьгӀазлонах.


«Туьрах кӀелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дӀадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта».


Довдий, дӀагӀо Бавелера, хӀораммо а шайн синош кӀелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хӀаллак ца хила. ХӀара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггӀург дӀало зама а ю.


«Тхо иза тобан гӀиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хӀора а вайн махка дӀагӀур ду вай, хӀунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тӀе хьалаяллал ю».


Аша олу: „Тхо тхешан ворхӀе а да Ӏийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цӀий Ӏанор дацара“.


Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий, царах дӀакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша, тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».


Сихлой, цхьанна а тӀе доӀанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цӀеналлехь латтаве.


ХӀунда аьлча цуьнга маршалла хоттуш верг цуьнан зуламечу гӀуллакхийн декъашхо хуьлу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios