Довзийтинарг 18:3 - Делан Йозанаш3 ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш». Ver Capítulo |
ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».