Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 18:2 - Делан Йозанаш

2 Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели-кх йоккха Бавел-гӀала. Жинашна Ӏан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дӀалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 18:2
26 Referencias Cruzadas  

Бавел зуьнашна дӀалур ю, цигахь уьшал хӀоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дӀайоккхур ю Аса иза», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


Ярми-ЯхӀу, цаьрга дӀаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гӀигӀ дийр ду. Цо Шен дезачу цӀа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧӀогӀачу озаца Цо гӀигӀ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагӀар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тӀехь бехаш болчу массо а нахе.


Бавел тӀулгийн оьла хилла дӀахӀуттур ю, цунах чангӀалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац.


Амма цӀеххьана буьйжира Бавел-мохк, хӀаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна.


Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чӀагӀо хилла дӀахӀуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гӀап санна хир ву Иза.


Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бӀогӀамашна тӀехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеӀсагӀанашна тӀехь къапалгаш Ӏохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дӀадаьхна хир ду.


Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз.


Цо, лоьмо санна, чӀогӀа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тӀаьхьа, ворхӀе а ткъес туьйхира, церан гӀовгӀанаша къамел а деш.


Церан декъий сийлахьчу гӀалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гӀаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жӀарах дӀатоьхна хилла.


Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тӀе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХӀунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тӀе а кхаьчна».


Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».


ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин.


Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга.


Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тӀехь олалла деш йолу йоккха гӀала ю».


Зудчун хьаьжа тӀе язйина къайлаха маьӀна долу цӀе яра: «Йоккха Бавел-гӀала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гӀуллакхийн а нана ю», – аьлла.


Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гӀала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гӀалин! ХӀунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!»


Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хӀаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гӀала, иза кхин юха хир а йоцуш!


Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чӀогӀачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хӀокху тептар тӀера мухӀарш дӀа а даьхна, иза дӀаделла хьакъ верг?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios