Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 18:16 - Делан Йозанаш

16 цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь. Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а, жовхӀаршца а кечйора хьо.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 18:16
8 Referencias Cruzadas  

Хьо къобалдина каруб-малик дара, Ас хьо гӀаролхо санна хӀоттийнера. Хьо иштта Делан безачу лам тӀехь а вара, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юкъахь а лелара хьо.


ДӀасадаккха дети, дӀасадаккха деши! Цхьана а езачу пхьегӀан тӀаьхьалонан йист хедаш яц.


Делан Са суна тӀе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цӀечу экханна тӀехиъна яра. Цу экханна тӀехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цӀераш а яра, цуьнан ворхӀ корта а, итт маӀа а яра.


Зудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара.


Цара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!»


ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios