Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 18:11 - Делан Йозанаш

11 Оцу гӀалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гӀайгӀанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХӀунда аьлча церан юхкуш йолу хӀуманаш хӀинца цхьаммо а оьцуш яц.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 18:11
18 Referencias Cruzadas  

ХӀунда аьлча хьекъалалла карадар дети карадарал а деза ду, ткъа цунах дешил а чӀогӀа боккха пайда болу.


Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гӀала, Седам а, Ӏамор а санна, Дала хӀаллакйийр ю.


Церан дуьхьа хьо къахьоьгуш а яра, цаьрца хьо, жима йолуш дуьйна, йохкаэцар лелош а яра, амма хьан дуьхьа цаьрга хӀумма а далур дац. Царах хӀора а шен новкъа дӀавахана, цхьа а ца висна хьо кӀелхьаръяккха».


Кеманна даьлла Ӏуьргаш дӀадукъуш Гебалара говзанчаш а бара хьан. ХӀордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош.


Делха, гӀалин базарш хӀуттучу декъан дахархой, хӀунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хӀаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хӀаллакьхир бу.


Церан долахь долчу я детига, я дешига кӀелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цӀеро хӀара дерриге а латта дагийна дӀакхоллур ду. Цо лаьтта тӀехь вехаш волу хӀорра а цӀеххьана кхоччуш дӀавоккхур ву.


Амма хӀокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гӀуллакхашка маьӀ-маьӀӀе дӀасабевлла. Цхьаъ шен кха тӀе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана,


Кхокхарчий духкучаьрга а элира Ӏийсас: «ДӀадаха хӀорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цӀийнах йохкаэцаран цӀа!»


Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХӀаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.


И массо а хӀуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дӀахӀуьттур бу. Боьлхуш а, гӀайгӀанехь а болуш,


Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.


Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Ӏехийнера массо а халкъаш».


ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».


ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios