Довзийтинарг 18:10 - Делан Йозанаш10 Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гӀала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гӀалин! ХӀунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!» Ver Capítulo |
ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».