Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 17:9 - Делан Йозанаш

9 Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхӀ корта – иза зуда тӀехиъна болу ворхӀ гу бу.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 17:9
10 Referencias Cruzadas  

Ткъа ахьа, Даниала, хӀара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тӀеяллалц кху тептарна мухӀар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тӀаккха хаарш алсамдевр ду».


Ва Эпрайман халкъ, цӀушца Сан хӀун бала бу? Хьан доӀанаш хезаш верг Со ма ву, Хьо Ӏалашдийриг а Со ма ву, сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со, Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».


Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла.


«Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хӀума“ езачу метте дӀахӀоьттина шайна гича, – (хӀара доьшург нийса кхетийла!),


ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик. Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра.


Цу тӀехь хьекъалалла оьшу. Хьекъал шен долчо цу экханан терахь, талла а теллина, билгалдаккха. ХӀунда аьлча иза адамийн терахьца догӀуш ду. Цуьнан терахь ду ялх бӀе кхузткъе ялх.


Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тӀехь олалла деш йолу йоккха гӀала ю».


Делан Са суна тӀе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цӀечу экханна тӀехиъна яра. Цу экханна тӀехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цӀераш а яра, цуьнан ворхӀ корта а, итт маӀа а яра.


Малико соьга элира: «Хьо инзар хӀунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тӀехь лелош долчу ворхӀ корта а, итт маӀа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios