Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 17:8 - Делан Йозанаш

8 Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хӀинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Ӏин чуьра хьала а даьлла, шен хӀаллакьхиларна тӀедогӀур ду. ТӀаккха, хӀара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХӀунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тӀаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогӀур ду.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 17:8
28 Referencias Cruzadas  

ХӀордана а, уггар хазачу а, безачу а ламанна а юкъахь шен паччахьаллин четарш дӀасадаржор ду цо. Амма шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву иза, цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац».


Со хьоьжуш лаьтташ, суна хезара цу маӀо деш долу кура къамелаш. Со хьоьжуш Ӏачу хенахь и доьалгӀа экха дийра, ткъа цуьнан дегӀ, кескаш а йина, дагадан цӀерга кхоьссира.


Цул тӀаьхьа охьаховшур бу кхел йийраш шайн болх дӀаболо. Олалла цуьнгара дӀадоккхур ду иза гуттаренна а хӀаллаквархьама а, вохорхьама а.


Цул тӀаьхьа хӀорда чуьра, цхьаъ вукхунах тера а доцуш, доккха диъ экха араделира.


Цул тӀаьхьа, къемате ирча а, чӀогӀа онда а долуш, доьалгӀа экха а гира суна буса дуьхьалхӀиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагӀий дӀакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маӀа а яра.


Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду,


Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».


Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла.


Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.


Дуьне а кхоллале, вай Ӏийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цӀена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела,


И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера.


Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тӀаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа.


Уьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Ӏин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву.


Ткъа мацах дийна а хилла, хӀинца делла долу экха – иза оцу ворхӀаннах цхьаъ волу борхӀалгӀа паччахь ву. Иза шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву.


Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара».


Ткъа уьш Ӏехош хилла долу и иблис цӀе яьлла богучу саьмгалан Ӏам чу тесира. Цу Ӏам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Ӏазап хьоьгур ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.


ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.


Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.


Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах.


Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios