Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 17:5 - Делан Йозанаш

5 Зудчун хьаьжа тӀе язйина къайлаха маьӀна долу цӀе яра: «Йоккха Бавел-гӀала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гӀуллакхийн а нана ю», – аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 17:5
18 Referencias Cruzadas  

Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара.


ЛадогӀа, кхахьпа, Везачу Эло бохучуьнга!


Церан кхоллам – хӀаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гӀуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хӀуманийн бен, ойла ца йо.


Къайлаха долу зулам хӀинцале а къахьоьгуш ду. Амма хӀинца а иза сецош волчо кхин дӀа а сецор ву, новкъара иза Дала дӀаваккхалц.


Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа – уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар – уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».


Церан декъий сийлахьчу гӀалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гӀаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жӀарах дӀатоьхна хилла.


Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».


Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга.


ТӀаккха шайн карахь ворхӀ бога долчу ворхӀ маликах цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «ТӀехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тӀе а хиъна, чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таӀзар.


Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара».


Малико соьга элира: «Хьо инзар хӀунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тӀехь лелош долчу ворхӀ корта а, итт маӀа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна.


Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели-кх йоккха Бавел-гӀала. Жинашна Ӏан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дӀалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.


Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хӀаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гӀала, иза кхин юха хир а йоцуш!


Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».


«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios