Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 17:4 - Делан Йозанаш

4 Зудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 17:4
22 Referencias Cruzadas  

Оцу махкахь а бара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дӀалелхийначу наха мел лелийна дегаза гӀуллакхаш леладора яхӀудхоша а.


Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша.


Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дӀадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Ӏаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гӀуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хӀуманаш а лелош, церан боьхачу гӀуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц.


Амма сту сагӀина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагӀина Ӏахар боккхуш верг жӀаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КӀен сагӀа доккхуш верг хьакхин цӀий сагӀина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягош верг цӀунна Ӏибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гӀуллакхех царна там хиларе терра,


Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагӀар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тӀаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш.


И боьха томмагӀа юх тӀехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хӀинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гӀайгӀа-балане, ХӀунда аьлча сан мостагӀа вазвелла дӀахӀоьтти!»


ХӀинца дӀаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цӀушна тӀаьхьахӀуьттуш?


Бассабелла яй кӀегаш тӀе хӀоттабе, цуьнан цӀаста, дох а делла, къагийтархьама. Иза диларех цӀанбийр а бу, цунна тӀера ерриг а ачо дӀакхоллур а ю.


Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цӀанбарх а, цӀан а ца ло хьо. ХӀинца чул тӀаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цӀанлур бац, Ас хьайна тӀехь Сайн дералла Ӏабаяллалц.


Хьо Делан Ӏедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тӀехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.


Ас шуна тӀе цӀена хин цинцаш деттар ду, тӀаккха шайн мел йолчу боьхаллех цӀан а лур ду шу. Шун массо а цӀуйх Аса цӀандийр ду шу.


Бакъволчу Делан метта гӀепийн далла Ӏамал йийр ю цо. Цкъа а шен дайшна вевзина воцучу цу делан сий дийр ду цо дешица, детица, дезачу тӀулгашца, тайп-тайпана механа езачу хӀуманашца.


Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тӀехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаӀал-ПаӀорна тӀебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цӀу санна, маьттаза бевлира уьш.


Шуна гира дечигах а, тӀулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цӀуш.


Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».


Уьш яра дашо а, дато а хӀуманаш а, деза тӀулгаш а, жовхӀарш а, дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш а, таьӀна-цӀен долу кӀадеш а, дареш а, цӀарула-цӀен бос болу кӀадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогӀу дечиг а, пийлан кӀомсарех йина йолу тайп-тайпана хӀуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хӀуманаш а, цӀаста а, эчиг а, шагатӀулг а,


цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь. Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а, жовхӀаршца а кечйора хьо.


Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».


ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.


И адамаш дӀа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хӀума лелоран а, къоланаш даран а некъа тӀера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios