Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 17:12 - Делан Йозанаш

12 Хьуна гуш йолу итт маӀа – уьш хӀинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хӀоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 17:12
12 Referencias Cruzadas  

Цуьнан коьрта тӀехь йолчу итт маӀах а, шена тӀехь бӀаьргаш долчу а, кура луьйш бага йолчу а, вукхарал езо хетачу кхечу маӀах а лаьцна хаа лиира суна. И яра, шена хьалхара кхо маӀа охьа а йожош, керла яьлла маӀа.


Итт маӀо гойту цу пачхьалкхера итт паччахь вериг хилар. Царал тӀаьхьа, царах тера а воцуш, кхин цхьа паччахь вер ву. Цо царна юкъара кхо паччахь охьатаӀор ву.


Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».


Кхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара.


ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик. Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра.


Хьуна гиначу итте а маӀана а, экханна а бӀаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегӀ а дуур ду, и цӀергахь ягор а ю.


Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гӀала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гӀалин! ХӀунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!»


Цхьана сахьтехь хӀаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хӀордкеманаш долахь берш а, хӀордкеманашна тӀехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хӀордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дӀахӀиттира.


ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios