9 Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.
ЭлишаӀ къаношка и бохуш воллучу хенахь, геланча цунна тӀе схьавеара. Цо паччахьан дешнаш схьаэлира: «ХӀара бала Везачу Элера тӀебеана бу! ХӀунда Ӏан веза со, Веза Эла варе ла а доьгӀуш?»
Ур-атталла ша холчу хӀоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидӀа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара.
Шуна кхидӀа а хӀунда таӀзар дан деза? Шу кхидӀа а хӀунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гӀелделла ду.
Къизачу Ӏазапехь а, меца а болуш, лаьтта тӀехула лелар бу и нах. Мацалла хӀоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш.
ТӀаьхьо Везачу Эло соьга элира: «Эпрат-хи тӀе а гӀой, Аса хьайга къайладаккхийтина долу доьхка схьаэца».
Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таӀзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тӀулгал а чӀогӀа чӀагӀйина, Хьуна тӀедерза царна ма ца лаьара.
Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цӀанбарх а, цӀан а ца ло хьо. ХӀинца чул тӀаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цӀанлур бац, Ас хьайна тӀехь Сайн дералла Ӏабаяллалц.
ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна, шу а хӀаллакьхир ду.
ХӀан-хӀа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тӀе ца дерзахь, уьш санна хӀаллакьхир ду».
Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хӀинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дӀа ца бирзина болчу дукхахболчарна тӀехь сайн велха дезарх кхоьру со.
ТӀаккха ЮшаӀа элира Ӏахане: «Сан кӀант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гӀерта».
Цу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.
Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХӀунда аьлча Цо кхел ен хан тӀекхаьчна. Стигал а, латта а, хӀорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Ӏамал елаш».
Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.
Аса Сайна тӀеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гӀуллакхех дӀаерза.
Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.