Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 16:6 - Делан Йозанаш

6 Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна, Ахь цаьрга цӀий малийти. Царна и дан хьакъ а ду».

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 16:6
25 Referencias Cruzadas  

иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана.


хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког,


Везачу Эло боху, хӀинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хӀара Ӏаса Нил-хи тӀе тухур ю, цу хих тӀаккха цӀий хир ду.


Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цӀийно бахор бу уьш, чагӀаро санна. ТӀаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КӀелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргӀатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла».


Шун къомана Ас таӀзар дар эрна хилла, исраилхой, хӀунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хӀаллакбина».


ТӀаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХӀокху стагана вен кхел ян догӀуш ду, хӀунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гӀалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!»


ТӀаккха тхьамданаша а, дерриг халкъо а элира динан дайшка а, пайхамаршка а: «ХӀара стаг вен кхел ян вогӀуш вац, хӀунда аьлча цо вайн Везачу Делан цӀарах къамел дина тхоьца».


Н ийсо лелочеран цӀий Ӏанош болчу цуьнан пайхамарша мел летийна къинош, цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш бахьана долуш и дерриг а хилира.


Ас хьо лелла меттигаш, лаьмнаш тӀе кхаччалц, цӀийх хьалаюзур ю, цу цӀийно дерриг а хершнаш хьаладузур ду.


Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.


ткъа ларамаза гӀалат даьллачунна кӀезиг таӀзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хӀума шех тешна дитинчунна тӀехь доккха декхар ду».


Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?


Къаьмнаш дарделла дӀахӀиттира, амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана, Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана. Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»


Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.


ШолгӀачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хӀора оцу экханан суьртана хьалха Ӏибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а.


Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.


Кху гӀалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цӀий!


Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios