Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 16:4 - Делан Йозанаш

4 КхоалгӀачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цӀий хилира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 16:4
10 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхӀароне дӀаала, шен Ӏаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Ӏаьмнашна а тӀехула лаца алий. ТӀаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу».


Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хӀунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хӀунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гӀо дан, я Сан ницкъ дӀабаьлла ткъа шу кӀелхьардаха? Ас Сайн омрица хӀорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тӀаккха царна чуьра чӀерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле.


Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тӀехь а, тогӀеш чохь а, массо а Ӏаннаш чохь а Ӏохкуш хир ду, туьро хӀаллакдина.


Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогӀур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.


Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дӀакхайкхочу деношкахь лаьтта тӀе догӀа ца даийтархьама, стигал дӀакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цӀий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дӀасадаржо.


Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХӀунда аьлча Цо кхел ен хан тӀекхаьчна. Стигал а, латта а, хӀорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Ӏамал елаш».


ТӀаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios