Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 16:21 - Делан Йозанаш

21 Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 16:21
15 Referencias Cruzadas  

Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,


Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц.


Цундела Ас кхана, хӀоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю.


Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тӀе къора кхетар ю».


Везачу Эло хӀоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгӀазаллин ницкъ гойтур бу Цо цӀераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тӀулгаш санна йолу къора тохарехула а, догӀанаш даийтарехула а.


Къизачу Ӏазапехь а, меца а болуш, лаьтта тӀехула лелар бу и нах. Мацалла хӀоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш.


Цу пенна тӀе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дӀахаийта. ЧӀогӀа догӀа а догӀур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тӀе а хьокхур бу.


Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгӀазаллица чӀогӀа догӀа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хӀума а хӀаллакдархьама.


Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тӀера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тӀе, Ӏазекхи уьш дӀакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал.


Стигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.


Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш.


Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.


Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios