Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 16:2 - Делан Йозанаш

2 Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 16:2
22 Referencias Cruzadas  

Ткъа хьуна хьайна а таӀзар дийр ду, чӀогӀа цамгар а кхетийтина, хьан кийрахь мел йолу хӀума а, де дийне мел дели, и цамгар бахьана долуш дегӀах дӀа а къаьстина, охьаюжур ю“».


Цул тӀаьхьа ЯхӀураман кийрахь мел йолчу хӀуманна дӀа ца йоьрзу цамгар туьйхира Везачу Эло.


Цийонан зударийн кортошна тӀехь чераш хуьлуьйтур ду Хьалдолчу Эло, церан хьаьжнаш дерзина дохуьйтур ду Везачу Эло, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».


Хьан божарий туьро эгор бу, тӀамехь турпалхой лийр бу.


Амма ХӀарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НӀаьнаша ваарна, хӀаллакьхилира иза.


Мисархошна хилла йолу даьӀнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьӀнаш а, кӀамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш.


Голаш тӀехь а, настарш тӀехь а, когийн айраш тӀера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьӀнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.


Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тӀе далор ду иза.


Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгӀачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тӀехь дехачу адамашка, а Ӏожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Ӏибадат дайтира.


ТӀаккха стигаларчу мархина тӀехиъна волчо, лаьттана тӀехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира.


КхоалгӀа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Ӏибадат а дахь, я шен хьаьжа тӀе, я шен куьйга тӀе цу экханан мухӀар а таӀадайтахь,


Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта».


Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш.


Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.


Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таӀзар дора Цо царна, дегӀа тӀе хӀуманаш юьйлуьйтуш, Ӏазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гӀалахь хӀоттийна а ца Ӏаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хӀоттийнера.


Иза цига дӀа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чӀогӀа инзарбохуш, царна тӀе доккха Ӏазап хӀоьттира, массеран а дегӀа тӀе ирча хӀуманаш евлира, воккха-жима ца къастош.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios