Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 16:16 - Делан Йозанаш

16 Иштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 16:16
14 Referencias Cruzadas  

Амма Юши-ЯхӀус, иза волчуьра дӀаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тӀом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугӀуш, Юши-ЯхӀу МагӀидда олучу аренга веара тӀом бан дагахь.


Цу дийнахь Ярушалайм-гӀалахь хӀуттур долу белхар, МагӀидда-арахь йолчу ХӀадад-Римун меттехь хилла белхар санна, доккха хир ду.


И дешнаш хезча, Пулат, Ӏийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Ӏебархойн маттахь Габбата цӀе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира.


Ша бахьа беза жӀаран бӀогӀам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дӀаволавелира Ӏийса (Ӏебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю).


Ярушалаймехь УьстагӀийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Ӏам бу. Цунах Ӏебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Ӏомана гонах лаьтташ бӀогӀамийн пхи могӀа бара, тӀехула тиллина тхов а болуш.


Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хӀунда до ахь?“


Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а».


Бух боцучу Ӏинан малик цу цӀазан паччахь дара. Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хӀаллакьхуьлуьйтург» бохург ду).


Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш а, эскар а, цига дӀа а далийна, хьан кара дӀалур ду“».


Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира, канаӀанхойн паччахьаша тӀом бира. ТаӀнакахь, МагӀиддан хиш долчохь, и хилла, амма дато хӀонс ца кхечира царна цигара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios