Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 16:12 - Делан Йозанаш

12 ЙолхалгӀачу малико шен бога Эпрат цӀе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТӀаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 16:12
15 Referencias Cruzadas  

Мисаран хӀордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тӀехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхӀ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кӀархаш а буьйхина, дехьавалалур ву.


Ас къилбаседера стаг самаваьккхина, иза тӀегӀуртуш ву. Малхбалехь а волуш, Сан цӀе къобалйо цо. Цо хьоьшур бу куьйгалхой, хатт санна, кхийра пхьегӀа ечу пхьеро поппар санна, хьуьйр бу уьш.


Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду, царна тӀера буц а якъор ю. Хиш дӀа а лакъийна, гӀайренаш йийр ю Ас, Ӏаьмнаш а дакъийна дӀахӀиттор ду, хиш дӀа а даьхна.


КӀоргачу хине Ас боху: „Дакъало! Ас дӀалакъор ду хьан татолаш“.


Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Ӏалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду.


Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тӀе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тӀе дер ду.


Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гӀуллакх, ткъа шун мостагӀашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду.


ТӀебеана болу шолгӀа бала а дӀабелира, амма кестта тӀебогӀуш кхоалгӀа бала а бу.


Малико соьга элира: «Шена тӀехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду.


ТӀаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухӀар дара. Оцу малико лаьттана а, хӀордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира:


Цо шен карахь турба йолчу йолхалгӀачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дӀадихкина долу диъ малик дӀахеца!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios