Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Довзийтинарг 15:8 - Делан Йозанаш

8 ТӀаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кӀуьрах дуьзира и Делан цӀа. Ткъа оцу ворхӀ малико беана ворхӀ бала дӀабаллалц, цхьанна а стеган цу цӀа чу ваха йиш яцара.

Ver Capítulo Copiar




Довзийтинарг 15:8
14 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со. Хьалдолчу Эле ас дийхира:


Берриг а Синай-лам кӀуьро дӀалаьцнера, Веза Эла цӀергахь шена тӀе воьссина дела. ЧӀогӀа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура.


Церан аьзнаша Делан цӀийнан неӀсагӀанаш егайора, ткъа цӀа кӀуьрах хьаладуьзира.


Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхӀудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДӀалахкахьа Со волчуьра и нах, дӀабахийтахьа уьш.


П ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо, тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама.


Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.


ЭхӀ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тӀаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!


ТаӀзар а дина, уьш гуттаренна а хӀаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дӀабаьхна хир бу уьш.


ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.


Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios